Ши шо хьалха лачкъийна Сулейманова Седа лехамашка йелла полицино, ГIажарийчоьнан а, Израилан а тIамах пропагандин гIирс хилла Къилбаседа Кавказехь, садаIа цIа бохуьйтург эскархошкара кхаьънаш даьхначу Нохчийчуьра командирна кхел йина – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 109-чу подкастехь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
ГIажарийчоь пропагандин гIирс санна
Гергарчу Малхбалера хьал марсадаларх Нохчийчохь пайдаоьцу Украинана дуьхьал тIамана пропаганда йеш. Оцу йукъанна Дагестанехь сагатдо радиацино дуьне бехдахь, йуьсур йолчу тIаьхьенна.
Кху беттан 13-чу дийнахь тIелетира Израил ГIажарийчоьнна, зарратан а, тIеман а, энергетикан а гIишлошна а, гIажаройн пачхьалкхан телекомпанин штаб-квартирина а тохарш дира.
Миллионаш Оьрсийчоьнан бахархой тIаме кхайкха аьлла, дIахьедира "Ахмат" спецназан хьалханчас, Нохчийчоьнан куьйгалхочун бIанакъостах волчу Алаудинов Аптис. ГIажарийчоьнехьа гIо дохуш, вистхилира иза, бохура Малхбузена дуьхьал баха кечбан беза мобилизаци йинарш. Ткъа муха, стенгахь кечбан беза уьш, Алаудиновс ца дийцира. Оьрсийчоьнан парламенто мобилизаци кхайкхор къобал ца дира – оцу гIуллакхна ахча оьшу, цу тIе цкъачунна и пайде а дац аьлла, дIахьедира депутато Колесник Андрейс.
Тхан редакцица къамел дира тIеман экспертаца Шарп Давидца.
- Цу гӀуллакхан бакъдолу бахьанаш дацара цхьана а кепара Къилбаседа Кавказехь хуьлуш долчунна тӀеӀаткъам бан. ХӀаъ, Къилбаседа Кавказехь болчу дуккхаъчеран бала кхаьчна ГӀажарийчоьнца солидаралла хиларна, йеккъа цхьа интерес хиларна. Амма, нагахь санна ГӀажарийчуьра мухӀажарш Къилбаседа Кавказе йа Кавказе гIортахь, делахь а, цунах лаьцна дийца хIинца а хьалхе ду, цу кепара хиламаш бац. Цуьнца а догӀуш, хӀара йеккъа цхьа хаамийн гӀирсийн фон йу, цхьаммо цхьана йа вукху интересехь пайдаэца йиш йолуш, динан пропаганди тIера долийна, Iедалхойн йа пропагандистийн леларца доьрзур долуш. Амма сагатдан хIума суна ца го, [Къилбаседа Кавказна Гергарчу Малхбалехь конфликт самсайер йу аьлла].
Израило хьалхара тохар дале Нохчийчохь Кадыров Рамзанан цхьанакхетар хилира ГIажарийчоьнан векалца Джалали Каземца. Цу шиммо дийцаредира, бусалба нах лоруш боцчу Европана дуьхьало латторах лаьцна. Хьахон догIу, кхин а кIира хьалха Сочира мозгIаран Виноградов Гавриила а, Алаудинов Аптин а дов даларх.
Бахьана хилира, килсан мозгIаро "бусалбанийн арми" кийча йу "Москван бахархошна арсаш хьекха", нагахь санна моллас омра дахь алар. И дешнаш бахьана долуш нахалахь йоккха гIовгIа эккхийтира, т1аккха даржера вохийра мозг1ар. Ткъа православин жигархоша тIедожийра кадыровхо даржера дIа а ваккха, цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх а доладе, "оба йоьхна тентиг" аларна. Иштта аьллера Алаудиновс мозгIарх лаьцнавистхуьлуш.
ГIажарийчуьра веанчу хьешаца хилла цхьанакхетар доьрзуш, Кадыров Рамзан шаьш долчу хьошалгIа кхайкхира цо. Ткъа хIинца хууш дац, цига вахар цуьнан хир ду йа дац.
Оцу йукъанна Дагестанехь дийнахь а, буса а йустуш йу мехкан къилбан декъехь йолу радиацин фон. Цигара ГIажарийчу кхача 165 чакхарма бен йац. ХIора шишша сахьт мел долу дустарш до цигахь, цкъачунна хьал хийцадалаза лаьтта, бохураРоспотребнадзоран белхахоша. Шен хила безачу барамел а хьал тIехдаьлла дац аьлла, тидам бира ишта Краснодаран махкахь а – цигахь а кест-кеста толлуш йу радиацин фон.
ТIаьххьарчу хаамашца, ГIажарийчохь дина тохарш бахьана долуш велла 200 сов стаг, шайлахь тIеман лаккхара даржхой а болуш. Iедалхоша дIахьедарехь, Израилехь 24 стаг велла.
Сулейманова Седа лехамашка йелла
Петербургера полисхоша официалехь лехамашка йелла Сулейманова Седа, нохчийн ницкъхоша лачкъийна ши шо гергга хан йаьлча. "Сий лардеш" йийна иза аьлла, дийцира бакъонашларйархоша 2024-чу шеран чиллан-беттахь, шайн хьасташна тIетевжина.
"Медиазона" журналисташна карийначу чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан карти тӀехь йаздина ду Седа тIепаза йайнарг санна лоьхуш йу аьлла. Иза карийначунна тӀедуьллу Нохчийчуьра кӀоштан полицин декъаца зӀене бовлар – цу тIехь билгалйаьккхина Ноьвран кӀоштарчу полисхойн декъан телефонан номер йу. ЙоӀ лоьхучийн тептаре маца йазйина, хууш дац, ишта къастаза ду цунах лаьцна кхин дерг а.
Оцу йукъанна стохка бIаьста ницкъахоша "стаг вер" аьллачу артиклца бехктакхаман гӀуллакх диллира – иза а Талламан комитете массо а агӀор кхайкхамаш бина, шуьйра юкъараллин кампани йолийначул тIаьхьа хилира. Амма бакъду, хӀинца а кхин керла хаамаш бац оцу гӀуллакхах лаьцна. Жигархоша а, бакъонашларъярхоша а, Седин доттагӀаша а хӀинцале диъ эзар куьг гулдина, таллам федералан Ӏуналлехь битар тIедожош. Ткъа цу урхалло жоп ца ло оцу хьокъехь.
2024-чу шеран чиллан-баттахь SK SOS кризисан тобанан бакъонашларъярхоша дӀахьедира, тӀепаза йайначу Нохчийчуьра йахархочун гӀуллакхехь йазйина артикл "стаг вер" хила йеза аьлла. Республикерчу йозуш йоцчу шина хьостано дийцинера цаьрга, и йоӀ гергарчара "сий лардеш" йийна аьлла. Талламан комитето а, прокуратурано а бан беза талламаш ца бира цу хьокъехь.
Нохчийчуьра дIайаханера Сулейманова Седа "дин лелорца ледара" хиларна а, везаш воцчу стага маре ца йахархьама а. Болх а беш, Санкт-Петербургехь йехаш хиллера иза, шена везачу кхечу стаге маре йаха кечам а беш.
2023-чу шеран марсхьокху-баттахь Нохчийчуьрчу ницкъаллин структурийн белхахоша дакъа а лоцуш, лецира Сулейманва Седа, 150 эзар сом мах болу ювелиран хӀуманаш лачкъорна шеко йу шайн аьлла. Бертаза Соьлжа-ГӀала а йигина, шен дега-нене дIайеллера йоӀ. Амма йоӀехь цара йуьйцу мехала хӀуманаш ца карийнера, иштта хууш дацара, уьш хьенан хиллера а. Бакъонашларъярхошна хетарехь, и бахьанаш а далош, йухабуьгу Нохчийчуьра уьдурш.
Нохчийчоьнан бакъонашларйархочо Солтаев Мансура видео йаржийра Сулеймановаца цхьана а кхетта. Оцу ролика тIехь йоIа дош ца олу, ткъа Солтаевс дIахьедира, йоI дика Iаш йу аьлла. ХIетахь дуьйна Седех лаьцна кхин керла хаам хезна бацара.
Нохчийчуьра командиро эскархошкара кхаьънаш дахар
Ротин командир Черкасов Роман бехке хилар къастийна 18 эпизодехь кхаьънаш эцарна. Цо шен куьйгакӀел болчаьргара ахчанаш дохуш хилла ханна хьажа-хIотта уьш цIа бохуьйтург. Лейтенант шегарчу даржах ваьккхина, 9 шо тоьхнера цунна набахтехь даккха.
Иза бехкевен зуламаш цо лелийна хилла 2023-чу шеран охан-баттера гIуран-батте кхаччалц Нохчийчохь а, Запорожьен кӀоштахь а, Севастополехь а, йаздина ду кхелан сацамехь. Ротехь эскаран гIуллакх дечаьргара ахчанаш дохуш хиллера Черкасовс, чевнаш йина, ша лазартнехь Iуьллучу заманчохь а цхьаьна.
Билггал мел ахча цунна кхаьчна эскархошкара, динчу таIзарехь гучудаьккхина дац, амма кхелйинчунна цхьа миллион барх1 б1е сом а пачхьалкхана охьадиллар тIедожийна.
Черкасовс дакъалаьцна Украинера тIамехь, "Доьналла гайтарна" аьлла, мидалца совгIат дина а хилла цунна, ишта Суворовн мидалш йелла. Оцу бахьанашна тIехула таIзар малдан деза аьлла, хьесап динера кхело, амма апелляцин муьрехь вердикт йуха ца листира цара мобилизаци кхайкхийначу заманчохь цо и харцонаш лелийна хиларна.
Кадыровн фондо ФСБ-н белхахойн берашна ахча делла
Кадыров Ахьмадан фондо ахча делла Ленинградан кӀоштахь беллачу къайлахчу сервисан белхахойн берашна "тӀеман-патриотан лагерехь" цаьрга садаIийта. Пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама "кегийрхой синмехаллашца а, гӀиллакх-оьздангаллаца а кхетош-кхиоран декъехь бина болх" бу аьлла цунах. Делимхановс билгал ца даьккхира, хӀун йукъаметтигаш йу Нохчийчоьнца лагере хьажийначу кегийрхойн. Буьйцурш бу ФСБ-н лерринчу Ӏалашонан центран белхахойн доьзалш, ткъа иза федералан структура йу, регионан йац. ФСБ-н белхахойн берашна лерина деллачу ахчанан барам Ӏорабоккхуш бац.
Кадыровн фондера къайлахчу сервисийн белхахойн доьзалшна сагӀина ахча далар гӀараделира Москвара Ярославан цӀерпоштнекъан вокзалехь блогер Щепихин Арег льцна вигна ши кӀира даьлча. Делимхановн нах хиллера и стаг лоцуш йукъахь хилларш аьлла, дуьххьара цуьнан тидам бира Кадыровн Ӏедална критика йеш волчу блогеро Абдурахманов Тумсос а, нохчийн оппозицин НИЙСО боламан жигархоша а. ТӀаьхьо "ВЧК-ОГПУ" телеграм-канало цӀераш а, фамилеш а йехира Щепихин дIавигина бохучу 6 стеган. Царех шиъ гӀуллакх деш ву Оьрсийчоьнан къоман гвардин ОМОН "Ахмат-1" олучу нохчийн декъехь, ву царлахь ишта Айдамиров Аслан а.
Делимхановс Кадыровн фондера ФСБ-на сагӀа даларх лаьцна хаам зорбане баьккхинчу хенахь бохург санна, ша Нохчийчоьнан куьйгалхочо а йаздира [Украинехь тӀом бечу эскархойн] хьашташна 15 керла машенаш йаларх АйдамировгӀеран доьзалан цIарах. Нохчийчоьнан чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан куьйгалхочун гIовсан Айдамиров Денин а, оццу урхаллин тылан хьаькаман Айдамиров Денилбекан а цIераш йехира цо. ЦӀеххьана цара даьккхина сагӀа "хьакъ долуш а, патриоташ хиларан а гӀуллакх" ду бохура Кадыровс.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: